Румиса Никаева - Марша ва хьо, текст песни

Доьху, доьху хьоь хьоменаг

воссахьа стиглара лаьтта
Къорда, къорда а ца-деш
ахь дийцахьа даггара хьай
Хьоьху, даго суна хьоьху
со йоцуш дац хьуна атта
Ладог1ахьа соьга х1ай
къастадехьа 1аьржа к1ай
дега - Эла вийр ву хьоьхь ас сай

Марша ва хьо, марша ва

хьомениг хьо марша ва
даго хьо т1еийци т1емаш даржийна
Хаздеш суна дуьне к1ай
даггара ахь дуьйцу хьай
ас массарна юкъахь хьо цхьаъ хаьржина!

Хьо хаьржинчу сан даго
шена герга воьху хьо
хьоменаг хьо цунах кхета хьажалахь
Бакъ-ду хьуна везнарг сан
яаьхьна ахь сан ойла д1а
ва хьо йоцуш мегар вац со алахьа

Къайлах, къайлах со гаре

сатуьйсу боху ахь хьоменаг
Байлахь, безаман байлахь
хьо ма-вита боху соь ахь
Сийна, сийначу стиглара безаман
дог1анаш 1ена
дог1у дог1а хьан доьхьa
дог1у дог1а сан доьхьа
доьлху и вайшинна кхолламна

Марша ва хьо, марша ва

хьомениг хьо марша ва
даго хьо т1еийци т1емаш даржийна
Хаздеш суна дуьне к1ай
даггара ахь дуьйцу хьай
ас массарна юкъахь хьо цхьаъ хаьржина!

Хьо хаьржинчу сан даго
шена герга воьху хьо
хьоменаг хьо цунах кхета хьажалахь
Бакъ-ду хьуна везнарг сан
яаьхьна ахь сан ойла д1а
ва хьо йоцуш мегар вац со алахьа

Ломахь, лекхачу ломахь ду
боху и шовданаш шийла
Ломахь, ломахь бу ма боху
бесбесар зезаги бай

Кхойкху, кхойкху ахь соь
хьайца и шийла шовданаш мийла
Дега наь1 д1а-йиллина, зезагех некъ
биллина, сан когашка дуьне диллина

Марша ва хьо, марша ва

хьомениг хьо марша ва
даго хьо т1еийци т1емаш даржийна
Хаздеш суна дуьне к1ай
даггара ахь дуьйцу хьай
ас массарна юкъахь хьо цхьаъ хаьржина!

Хьо хаьржинчу сан даго
шена герга воьху хьо
хьоменаг хьо цунах кхета хьажалахь
Бакъ-ду хьуна везнарг сан
яаьхьна ахь сан ойла д1а
ва хьо йоцуш мегар вац со алахьа

Ва хьо йоцуш мегар вац со алахьа!

Главная » Кавказская музыка » Румиса Никаева - Марша ва хьо, текст песни